Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Цуьнан дуьхьа меттиг дІацІанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира. Лаьмнаш цуьнан ІиндагІо дІахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира. Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хІордана тІе кхаччалц дІадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тІе кхаччалц дІадахийтина. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цІерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца.
Выбор основного перевода