Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Декъаза ву шен паччахьан цІенош хьарамлонца дийриг, цІенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург. Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац. Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Іемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.
Выбор основного перевода