Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Наху-пирІуно, Ярушалаймехь ЯхІу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь набахти чу воьллира. Наху-пирІуно гІуда такхар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Шена ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирІуно яхІудхошкара. ТІаккха Наху-пирІуно Юши-ЯхІу-паччахьан Элъякъим цІе йолу кхин кІант хІоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирІуно Элъякъиман цІе хийцира, цунах ЯхІу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхІу-Ахьаз пирІуно Мисар-махка дІавигира, иза цигахь дІа а кхелхира. ЯхІу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхІу-Якхаман ненан цІе Забудат яра. Иза Рума-гІаларчу Пади-ЯхІун йоІ яра. ТІаккха ЯхІу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра. Ткъа Элъякъиман цІе пирІуно хийцира, цунах ЯхІу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дІа а лаьцна, Мисар-махка дІавигира Нахус. Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах Шалумах (шен да волчу Юши-ЯхІул тІаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дІавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац. Иза мисархоша ша дІавигначу меттехь лийр а ву, цунна хІара мохк кхин гур а бац». «qac Хqac*алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ІиндагІехь» – оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагІийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна.
Выбор основного перевода