Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша дІайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дІайийначохь иза якъалур ма ю!’“» Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“» Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву – шех паччахь винчу а, цуьнан чІагІонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь. Мисар-махкарчу паччахье яхІудхойн паччахьна тІамехь гІо далур дац, гІалина гонах лаьттан гунаш дича а, тІеман гІирс дІахІоттийча а, дуккха а адам хІаллакдархьама. Амма яхІудхойн паччахь кІелхьарвер вац, хІунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна». Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, яхІудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чІагІонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таІзар дийр ду цунна. Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таІзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. Ас хІаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тІемалой Аса массанхьа а дІасакхуьссур бу. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
Выбор основного перевода