Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тІеман хьаькамаша, Ярушалайм-гІалина тІе а гІоьртина, цунна го бира. ТІаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гІалина тІевеара, шен тІеман хьаькамаша гІалина го бинчу хенахь. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. Иза чІогІа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогІахь а, я ла ца догІахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна. «Адаман кІант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хІун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те? ДІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хІара араяьккхина ларча – Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду“. ДІаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тІекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дІа а дуьгур ду“. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хІара: ‘Нуьцкъала тІемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира.
Выбор основного перевода