Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хІара: ‘Нуьцкъала тІемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира. Цу бохь тІера ховхачу патарех уггар лакхарниг схьа а даьккхина, иза, йохкаэцаран махка схьа а деана, совдегарийн гІалахь охьадиллира цо. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тІехь хаза гаьннаш а долуш, ІиндагІ луш гІа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара. ТІаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гІаланаш юхаметтахІиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тІехь юха ялта дІадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“. ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг.
Выбор основного перевода