Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо а вер вац цуьнан куьйга кІелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дІалур ву, хьан бІаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТІаккха хьо Бавеле дІавуьгур ву’. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІун ши бІаьрг а баккхий, цунна цІестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тІаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дІа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира. Ас цунна тІе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тІаьхьа иза Бавеле дІавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тІе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. Цул тІаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цІийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дІавигира цо, Амма яхІудхойн паччахь кІелхьарвер вац, хІунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна». Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, яхІудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чІагІонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таІзар дийр ду цунна.
Выбор основного перевода