Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“» Амма, оьгІазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цІеро иза дІа а кхаьллира. Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цІеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Іаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХІара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу». Пийсакаш лелорхоша хьо генна хІорда юккъе дІайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира. Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогІур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
Выбор основного перевода