Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалайм-гІалин а, ЯхІуд-мехкан а бахархой Шена уллора дІататтал чІогІа оьгІазваханера Веза Эла. Иштта ЦІадукъ-ЯхІу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоІан-гІалина а, Хьанас-гІалина а тІекхаччалц белахь а, Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Амма Иза хууш ву, Ша деш дерг хІун ду! Цо бохам боккхур бу, Шен дешнаш юхаоьцуш вац Иза. Харцонаш лелочу зуламечу нахана а, царна гІо дечарна а дуьхьал Шен оьгІазалла йоккхур ю Цо. Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гІаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дІахьажийча, гІо доккхург тасалур ву, ткъа гІо тІелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хІаллакьхир ву. Эццахь пирІунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дІалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хІума шайна дІахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира. ТІаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІу-пайхамаре: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. Хьалдолчу Эло иштта элира: «Со хьуна доггІучу тайпана хир ву хьоьца, хІунда аьлча Аса йинчу чІагІонах хьо ца ешира, ткъа ахьа Сан барт а бохийра.
Выбор основного перевода