Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхаш а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила Амма, оьгІазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цІеро иза дІа а кхаьллира. Хьалдолчу Эло боху: «ДІаяккха хьайн коьртара чалба а, дІадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тІекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу. Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса. Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тІекхаьчна. Аса кхин тІаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло. ТІаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гІаланаш юхаметтахІиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тІехь юха ялта дІадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“. Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тІаьхьа Ас шу шайн лаьтта тІе даха охьаховшор ду. ТІаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“».
Выбор основного перевода