Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. Бай тІера буц санна, кхуьур бу уьш, хин йистера акхтаргаш санна, хьалабевр бу.
Выбор основного перевода