Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а
Выбор основного перевода