Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гадал-ЯхІус, царна а, церан нахана а хьалха, чІагІо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХІокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтІахь а хила, тІаккха шуна дика хир ду». Бавелан паччахьан дукъ тІе а эцна, цунна гІуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тІехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тІехь гІуллакх а деш, цу тІехь дехар ду’, – боху Везачу Эло“». ТІаккха Ярми-ЯхІус элира ЦІадукъ-ЯхІуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хІара гІала а цІарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». ТІаккха Ярми-ЯхІус элира: «Хашадхойн тІемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхІудхошка дІалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогІахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву.
Выбор основного перевода