Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абушайс Дауде элира: «Дала хьан мостагІа хьан кара схьавелла. Соьга иза, цкъа гоьмукъ тоьхна, лаьттах дІалатавайтахьа. Аса цунна шолгІа тухур яц хьуна». Царуятан кІанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жІаьло сардамаш хІунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу». Амма Царуятан кІанта Абушайс кІелхьарваьккхира Дауд. Цо пІелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чІагІо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тІаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дІа ца байтархьама». Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогІахьа, Ярми-ЯхІу. Дийна дисначу тхуна тІера доІа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхІу, дуккха а хилла долу тхо кІеззиг бен ца дисар.
Выбор основного перевода