Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. ТІеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо дІахІоттийна аьлла. ТІаккха уьш МицІпа-гІала бахара Гадал-ЯхІуна тІе. Уьш бара: Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал, Къаьрхьин кІант Йохьан а, натІупатхо волчу Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, церан нах а. Гадал-ЯхІус, царна а, церан нахана а хьалха, чІагІо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХІокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтІахь а хила, тІаккха шуна дика хир ду». Шайн долахь цхьа а хІума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхІуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дІа а елла. Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.
Выбор основного перевода