Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІалгІачу баттахь Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу веара. Иза МицІпа-гІала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьІал паччахьан цІийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхІуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хІума юуш Іийра. Натан-ЯхІун кІанта ИсмаьІала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гІевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дІахІоттийнарг вийнера. ИсмаьІала иштта Гадал-ЯхІуца МицІпа-гІалахь хилла болу массо а яхІудхой а, цигахь хилла болу хашадхойн тІемалой а байира. Уьш КІамхІамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кІант Йохьан а, цуьнца ХІушаІ-ЯхІун кІант Язан-ЯхІу а, иштта кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дахара.
Выбор основного перевода