Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хІума бахьана долуш, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Рахбин кІант волчу ЯхІу-Надабан тІаьхьенах гуттаренна а Суна гІуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“». Шайн долахь цхьа а хІума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхІуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дІа а елла. Ярми-ЯхІу МицІпа-гІалахь сецначу Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза. Шаьш бевдда дІабаханчу массо а меттигашкара яхІудхой Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала схьагулбелира. Шаьш юхадирзинчул тІаьхьа цара дуккха чагІар а, аьхкенан стоьмаш а гулдира. Со ЯІзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯІзир-гІалина уллорачу хІордана тІе кхаччалц Іохкуш яра. Ткъа хІинца хІаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тІелетира. Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь паччахьан гІаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара.
Выбор основного перевода