Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш берриш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал а, Къаьрхьин кІентий Йохьан а, ЯхІуната а, Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, НатІупатарчу Іейпин кІентий а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, иштта царна уллора берш а бара. Амма Къаьрхьин кІантана Йохьанна а, массо а цуьнца болчу тІеман хьаькамашна а Натан-ЯхІун кІанта ИсмаьІала динчу дерриг а зуламех лаьцна дІахезира. Уьш КІамхІамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кІант Йохьан а, цуьнца ХІушаІ-ЯхІун кІант Язан-ЯхІу а, иштта кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дахара. Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогІахьа, Ярми-ЯхІу. Дийна дисначу тхуна тІера доІа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхІу, дуккха а хилла долу тхо кІеззиг бен ца дисар.
Выбор основного перевода