Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хІунда аьлча цуьнан бераш дІадевлла ду». ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира. Ткъа Ярми-ЯхІух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тІедиллинера: Оцу наха Ярми-ЯхІу, гІаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант волчу Гадал-ЯхІун кара дІавелира, цуьнга иза шен цІа дІавигийтархьама. Ярми-ЯхІу шен халкъана юкъахь ваха висира. Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Іийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дІакхайкхабайта алий.
Выбор основного перевода