Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугІура оха. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. ТІаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тІе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гІалина тІехь хилларг цкъа а стигал кІел хилла а дац.
Выбор основного перевода