Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхІуд-махкахь дитинчу халкъана тІехь куьйгалхо вина дІахІоттийра Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу. ТІеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо дІахІоттийна аьлла. ТІаккха уьш МицІпа-гІала бахара Гадал-ЯхІуна тІе. Уьш бара: Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал, Къаьрхьин кІант Йохьан а, натІупатхо волчу Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, церан нах а. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хІокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дІаван лаахь, дІавола, аса Іуналла дийр ду хьуна тІехь. Нагахь хьайна цига дІаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХІара дерриг а латта хьуна хьалха Іуьллуш ду, хьайна луъучу метте дІаваха пурба ду хьуна». ЯхІу-Яхин дуьнен чуьра дІаваллалц, хІора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора.
Выбор основного перевода