Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн кІентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хІунда аьлча цуьнан хІумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагІаша массо а гІаланашкахь шу балане лаьцча. Нах, аьтту агІор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агІор кхевдича а, меца буьсур бу. ХІора а шен гергарчунна тІелетар ву. qac Кqac*Іеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тІе бохам баийтича. Иштта, мацалла хІоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тІехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьІІехула дІасалохкур бу“.
Выбор основного перевода