Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Хьан леш болчеран декъий стигаларчу олхазаршка даийта дІаделла, ткъа Хьуна тешаме болчеран догІмаш цара лаьттарчу акхарошна дІаделла Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цІуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тІедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тІегІур бу уьш. Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. Цара „Тхо стенга гІур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТІаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, туьро вен леринарг туьрана гІур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гІур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву. ВорхІ кІант винарг ю са ийзош Іуьллуш. Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна, ткъа иза юьхьІаьржачу а хІоьттина, Іуьллуш ю. МостагІийн таррашка Аса хІаллакбойтур бу цунах дийна бисинарш’, – боху Везачу Эло“». И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
Выбор основного перевода