Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХІинам-тогІи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кІант я йоІ цигахь Мулка-цІунна лерина цІерах чекх ца бахийтархьама. Яханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша Ахьазан цІенойн тІехула долчу цІийнан тхов тІе тІулгех сагІа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь сагІа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриге сагІа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогІи чу кхиссийтира.
Выбор основного перевода