Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тІехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тІе схьавалаве. Хьайца цигахь дІахІиттабе уьш. Паччахьан цІийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тІе а духийтина, Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна тІебахийтира цо. «Куьпчи волчу цІа гІо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга». Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй, Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа йолхалгІачу шеран йолхалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со сайн цІа чохь хиъна Іаш а волуш, суна хьалха хевшина Іаш яхІудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тІе. Тхо долчу а веана, ПахІалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХІара доьхка долу стаг, иштта дІа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дІалур ву Ярушалаймера жуьгташа“».
Выбор основного перевода