Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю, хІунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дІабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. Уьш юхаметтахІоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догІург шозза дІалур ду Аса оцу нахана, хІунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цІушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».
Выбор основного перевода