Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хІума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догІур ду. Цо Делан тІорказ хьахошшехь, Іела ша Іаш волчу гІанта тІера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьІахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чІогІа къена а, дегІана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Іийна ву. Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, ЯхІуд-махкара дерриг халкъ а, гІалин кевнийн неІаршкахула чу мел богІу Ярушалайман бахархой а!
Выбор основного перевода