Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна.
Выбор основного перевода