Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. Яханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша Ахьазан цІенойн тІехула долчу цІийнан тхов тІе тІулгех сагІа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь сагІа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриге сагІа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогІи чу кхиссийтира. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра. Аса царна ваІданца лур ду аьллачу лаьтта тІе уьш схьабалийначул тІаьхьа, уьш шайн сагІанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тІехь луьста гІа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарца а, хаза хьожа йогІу хІума ягорца а, чагІаран сагІанаш дахарца а цара Со оьгІазвахийтира. Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас. И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан!
Выбор основного перевода