Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. Дагахь латтаделаш шайна иза, хІунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. ТІаккха, шаьш царна хьалха кхеле хІиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гІайгІа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дІаала. ХІунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». Шаьш гуламан цІа чу, я хьаькамашна, я Іедална тІе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Іамор ду шуна». Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина, ШолгІачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Іелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира. ТІаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахІал олий, кхин цІе а йоккхура), нийсса Хьаломе дІа а хьаьжна, элира:
Выбор основного перевода