Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХІара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хІорш Іийсаца хиллий. Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. ТІаккха Бар-Нааба векалшна тІевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Іийсан олаллин цІарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Іийсах лаьцна хьехам бора цо. Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш.
Выбор основного перевода