Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а.
Выбор основного перевода