Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Оха шуна чІогІа дихкинера, цу стеган цІарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дІасабаржийна. Цул сов, цу стеган цІий тхох хьарчадо аша». Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтІахь хила деза тхо! Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хІунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со.
Выбор основного перевода