Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан хьехам тІеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Іийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира. Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хІора денна совйоккхура кІелхьарбохучийн тоба. Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь. Делан дош дІасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Іийсах долчу тешарна муьтІахь хилира. Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тІебирзира. Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тІедирзира. Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахІале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Іийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
Выбор основного перевода