Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Іелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цІе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хІоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. Цул тІаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гІертачун.
Выбор основного перевода