Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. ТІаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Іийсан дуьхьа, хьала а гІаттий, дІаволало!» ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра.
Выбор основного перевода