Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХІун дийр дара те вай? ХІунда аьлча хІокху Стага дукха тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш ма гойту? Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагІаттийра и стаг. ЦІеххьана заьІапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чІагІъелира. Иза, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. ДІаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цІийнан керта вахара иза. Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогІуш. «Исбаьхьчу» кевнехь сагІадоьхуш Іийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.
Выбор основного перевода