Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гІуллакхаш дора векалшкахула. ТІаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Іийсан дуьхьа, хьала а гІаттий, дІаволало!» Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра. Билггала, хІокху гІалахь ХІарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Іийсана кхел ян. Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь гуллора.
Выбор основного перевода