Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хІордкеманца Кипре дехьавелира. ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. Пергера дІа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийне а баьхкина, охьахевшира уьш. Цу гІалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тІера чан дІа а егийна, векалш Иконе бахара. Иконехь ПахІал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цІа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Іийсах тийшира. Иза хаа а хиъна, гІалара дІабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цІе йолчу гІаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. Перга-гІалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гІала бахара векалш. Ткъа Атталера хІордкеманца уьш Антиохе дІабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тІедиллина гІуллакх дархьама. И гІуллакх цара хІинца кхочуш а дира. Цундела, шун Іийсах тешаран гІуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера.
Выбор основного перевода