Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара. Дуккха а дийцинчул тІаьхьа Кипас, хьала а гІаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Іийсах тешийтархьама. Цул тІаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара. Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама.
Выбор основного перевода