Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш ву. Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“». Парушхошна юкъахь болчу Іийсах тешачу наха, хьала а гІевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тІедиллина декхарш кхочушде ала а деза». Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. ХІунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хІума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура. Аса, ПахІала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.
Выбор основного перевода