Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дукъ а дІакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза». Цара чІогІа хала парзаш хІиттадо. Уьш кхочушдан чІогІа хала ду. И парзаш нахана тІе а дехкина, уьш цаьрга дІакхехьийта гІерта. Ткъа шаьш пІелг меттахбаьккхина а хІума дан лууш бац. Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. Ткъа товрат-хьехамашна тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неІалтана кІел бу. ХІунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тІехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.
Выбор основного перевода