Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. Дуккха а дийцинчул тІаьхьа Кипас, хьала а гІаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Іийсах тешийтархьама. Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тІеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш.
Выбор основного перевода