Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дІавахара иза. ШолгІачу дийнахь ПахІал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера. Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.
Выбор основного перевода