Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цхьа хІума тІедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цІий дІадалаза долу жижиг ма даалаш. Иза гуттаренна а шун тІаьхьенашна тІедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цІий а ма даалаш». Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху. Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тІевеана Іаш волчо а цІий даа мегар дац. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цІий дІа а дахийтина, юха цу цІийна тІе латта таса деза, хІунда аьлча муьлххачу дегІан са цуьнан цІийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цІий долу цхьа а дилха ма даа. ЦІий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву. Къеелла а, экхано цистина а хІума йиънарг, исраилхо я тІевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза, цул тІаьхьа цІена хир ву. Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегІ а ца цІандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“». Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. Амма, варелаш, цІий даарх чІогІа ларлолаш, хІунда аьлча цІий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!» Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦІушна Іамал яран Іадат цхьаболчарна хІинца а чулацам болуш хета. ЦІушна сагІина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кІеда дегнаш Далла хьалха бехло. Юучу хІумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хІумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гІоле а ца хуьлу. Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. ХІунда аьлча нагахь оцу кІеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цІушна Іамал ечу цІа чохь юург юуш гича, тІаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цІушна сагІина еана йолу юург? ТІаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кІеда дог долуш волу хьан динан ваша хІаллакьхир ву. Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кІедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо. Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта. Вайн дайх цхьаберш санна, цІушна Іамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тІехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тІаккха шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш». Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хІаллакьхилира. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка. Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хІума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цІе йолчу зудчунна дан магош доцу гІуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хІуманаш а леладойтуш, цІушна сагІина еана хІума а йоуьйтуш.
Выбор основного перевода