Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац. Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна ду шу. Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула. Цо иза дина, тІейогІун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду. Аша дика гІуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама. ХІунда аьлча массо а адамашна кІелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира. Вай КІелхьардохург волчу вайн Делан дика а, адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча, вай дина долу бакъахьара гІуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кІелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цІан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна.
Выбор основного перевода