Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара. Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидІа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гІалара вукху гІала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Іийсах тешарехь чІагІ а беш.
Выбор основного перевода