Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Хьуна гІуллакх деш къаьмнаш хуьлийла, хьуна муьтІахь халкъаш хуьлийла! Хьо хьайн вежаршна тІехь олалла деш хир ву, уьш хьуна хьалха охьатаьІна хир бу. Хьуна неІалт кхайкхош верг неІалт хилла хир ву, хьо декъалвеш верг декъала хир ву». Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян?
Выбор основного перевода