Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а.
«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».