Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь БалиІамна Іамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Іамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!» Церан паччахь АгІаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хІаллакдира. Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгІагах къинхетам бира, дико долу уьстагІий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Іахарий а дитира, иштта дика мел долу хІума а, доха ца деш Іаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хІума дохийна дІадаьккхира. ТІаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а. ТІаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чІогІа айинийла а.
Выбор основного перевода